ТIекхочийла долу линкаш

Парламентехь вист хилла Асад Башар



Шеман президенто Асад Башара къамел дина Парламентан декъашхошна хьалха. Шен исторехь уггара хала хан ловш бу мохк аьлла, дIахьедар дина Асада. Махкахь чоьхьара тIом баккха гIертарна цо бехке бина махкал арахьа болу ницкъаш.

Асад Башара тIе ца ийцира ХIоула олучу гIалахь 108 стаг верна Iедалан ницкъаш бехке бу бохург. Иза динарш цIармат хIуманаш ю, адамаш дац элира цо.

Шеман президенто дIахьедар дира ша кийча ву политикан дагадовларш дIадахьа аьлла. Амма цо ша реза вац элира, махкал арахьа болчу оппозицин декъашхошца юкъаметтигаш лело.
XS
SM
MD
LG