ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акци ю йоьдуш КъахIирехь



Дуккха а наха дакъа а лоцуш, дуьхьалонан акци хилла Мисар-пачхьалкхан коьртачу гIалахь КъахIирехь ТахIрир-майданахь. Уьш реза бац Мисаран хилла волчу президентана Мубарак Хьоснина тIехь йинчу кхелан сацамна. Шоьтан дийнахь кхел кхайкхийначулла тIаьхьа, ТахIрир майданахь гулвеллера 20 эзар сов стаг. Царах цхьаберш буьйса йоккхуш бисинера цигахь.

84 шо долу Мубарак Хьосни а, цуьнан Iедалехь чохьарчу гIуллакхийн министр хилла волу Аль-Адли Хьабиб а бехке вина суьдхоша Iедалшна дуьхьала хьажийначу акцийн 850 декъашхо вуьш дакъа лацарна. И шиъ валлалц чувоьллина. Цу гIуллакхехула кхеле озийна хилла кхин болу нах, шайна юкъахь Мубаракан ши кIант а волуш, бехказа битина суьдо.

Дуккха а Мисаран бахархой реза бац кхелан сацамна, иза дукха къеда таIзар ду бохуш.
XS
SM
MD
LG