ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьан Элизабет ШолгIачун бриллиантан юбилей даздеш ду Британехь


Британин паччахь Элизабет ШолгIаниг цу дарже хIоьттина 60 шо кхачар даздеш ду цу махкахь. Цунна хьажийна леррина парад хилла Темза-хи тIехь. Цигахь дакъа лоцуш дар эзар хиллал хIурдан а, хин а кеманаш.

Оццул йоккха хин парад хилла яцара Британехь 1662-чу шарахь Карл ШолгIаниг вазвеш хилларг хилчхьана дуьйна.

Монархина дуьхьала болчу наха дIахьедар дина, цхьаммо а хоржуш а воцучу, цхьаьнна а хьалха жоп луш а вацучу паччахьана духьал хьажийна йолу акци дIахьур ю шаьш аьлла. Амма цу акцина тIехIуьттар болуш къезиг нах бу Британехь. Таханлерчу денна 80 процент цу махкара бахархой агIончаш бу монархин.

Паччахьан Элизабет ШолгIачуьнан бриллиантан юбилей даздан лерина ду Британехь 4 дийнахь.
XS
SM
MD
LG