ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухана йистехь йолаелла Оьрсийчоьнан а, Европан лидерийн а саммит


Оьрсийчура Петарбухана йистерчу гIалахь дIахьучу оьрсийн а, Европан лидерийн а саммитехь дуьйцуш долу коьрта къамелаш, Шема пачхьалкхана гонаха хиларе сатесна ю Малхбузе. Оьрсийн президентана Путин Владимирна тIеIаткъам бан дагахь бу Европан лидерш, цуьнга, шен агIора, Димашкъица йолу политика хийцийта. Шемахь машарбаран дуьненаюкъара векал волчу Аннан Кофин планца а догIуш, гIаланашкара еза тIеман техника араяккхийтар а цхьана.
Европан Кхеташонан президент Ван Ромпой ХIерман а, Европан Комиссин президент Баррозу Жозе Мануэл а, Европан Бертан арахьарчу политикан хьаькам Аьштон Каьтрин а ю саммитехь дакъа лоцучарна юкъахь.
XS
SM
MD
LG