ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Оьрсийчоьнна а, Европан Бертана а юкъахь визанийн тайпа новкъарлонаш ю


Оьрсийн президентана хетарехь, Оьрсийчоьнна а, Европан Бертана а юкъахь боккъал а долу доттагIалла хир дац, визанийн тайпа новкъарлонаш мел ю. Петарбух-гIалина йистерчу Стрельнехь шен болх болийна йолу Оьрсийчоь-Европан Барт саммит схьайоьллуш, цу проблемех лаьцна алссам дийцира Путин Владимира. Иштта, дийцаре деш ду энергетикан тIегIанера хаттарш а.

ХIордан бухула юьллуш йолу «Къилбседера га» олу газан биргIа йина яьлла лара мегар ду элира Путина.
Экономикехь цхьанабелхаш барца доьзна хаттарш а ойур ду саммитехь. Европехь а, Евразехь а кхолладелла хьал а цхьаьна. Тидамехь хир ю ГIажарийчоьнан заррат программа а, Шемара хьал а.
XS
SM
MD
LG