ТIекхочийла долу линкаш

Зударшна къевлина духар лелор тIедожош ду Нохчийчохь


Нохчийчоь - хиджаб тиллина нохчийн зудабераш, 16Заз2010

Нохчийчоь - хиджаб тиллина нохчийн зудабераш, 16Заз2010

Iаьрбийн махкашкахь лелочу кепара духар лелор тIедожийна Нохчийчура школашкахь. Официала кепара деш омар дац, амма, школийн директорш а, хьехархой а кхетийна, тIедиллар, дуьхьало ян йиш йоцуш, лаккхара охьадоссийна дуйла.


Бертахь а,бертаза а зударшна къевлина духар лелор тIе а дожош, чIагIдеш ду махкахь бусалбан дин.

Ишколашкахь а, лакхарчу доьшийлашкахь а, дIахьуш пачхьалкхан экзаменаш а йолуш, бусалба дино ма-хьоьхху духар лелор тIе а дожош, хьехархошна беш болу тIеIаткъам марсабаккхахь бен, лахбеш бац Нохчийчохь. Махкахь бусалба дин чIагIдалар деккъа цхьана цаьрца, цара лелочу духарца доьзна долуш санна, къаьсттина чIогIа юьхьарлаьцнарш бу хьехархой-зударий. Цара шаьш даре а деш, тоаме дац дегI хьулдеш бедар юхар – духа аьлла тIетеIош дерг Iаьрбийн хотIехь хиджаб олу барзакъ ду.

Шен цIе йоккхийла ца лиъначу Соьлж-гIаларчу цхьана ишколан директоран гIоьнчано иштта дуьйцу цу хьокъехь. «Кху 50 шарчохь суна дайна хIума дац кхара лелориг. Дала диканна дойла хIорш карзахбовлар. Официала кехат тIехь схьабоуьйтуш сацам а, я омра а доцуш, тхо-м бале лаьцна кхара. Оха мича де докъанна духа дезаш ду Iаьрбийн духар? И тIедоьхча бусалба динехь я иманехь сов волу?

И Iаьрбий шаьш ма бу дукхахберш керста динехь. Адамана дагадогIу хIума дуй иза, керлачу дешаран шарахь, ур-аттала хьалхарчу классан дешархой а хила беза боху шалха йовлакхаш а техкина, догIмаш хьулдеш юьйхина кучамаш а йолуш… Ишколе Iедалдай баьхкича а, муфтиятера баьхкича а тхоьга резадоцуш дош алахь мегар дац аьлла. «ХIаъ, бакъхьа ду» бохуш, муьтIахьалла гайта боху.

Къамел дина Соьлж-гIалара хьехархочух тера реза боцурш дукха бу, амма царна маггане а магош дац дагахь дерг Iорадаккхар. «Дин бахьанехь къам къомах доха аьллах даций? Iаьрбой санна, кIайн шаршош оьхкина буьйлабала беза нохчийн божарий а, паранджаш йоьхна зударий а?» Цу кепара ойланаш дебош хеттаре буьйлу хьехархой а, кхечу Iедалан белхашкахь болу бахархой а.

Схьагучу суьртехь, бегашена меттахбевллачух тера дац урхаллехь берш а, муфтиятан куьйгалхой а. Юьхьанца беламе а хеташ, бакъ хир дацца а моьттуш, дийца даьккхина дара кхузахь изза бусалба динехь духар лелор а, ерзина меже а йолуш, ур-аттал пхьарс хилла а, зудабер а, зуда а араялар дехка деза бохург а. Амма тахана ярташкахь а, гIаланашкахь а тамаше ца хетало, бертахь а, бертаза а тIедуьйхина, юьхь-сибат бен гуш хIума а доцуш, бухабелла мехкарий а, зударий а гар. Цхьаболчара и духар боккъалла а деза а дезаш, дош а хеташ тIеоьзна, кхечара балха тIехь шайна хьовзам ца хилийта… И тIаьххьарнаш маситтаза алсам бу хьалхарчарел а.

Динан урхалло а, Iедалан мукъ карахьболчара а дечу къамелан хьесап дича, хьал ца хуучунна моттало, Нохчийчоь цхьаннах а йозуш йоцуш, ша къаьстина цхьа пачхьалкх ю. Оццул гена доккхуш ду кхузахь динца доьзна гIуллакх. Кху деношкахь хаамийн гIирсашкахула дийца даьккхина кхин цхьа керла дIадолор а. Цхьаболчу муфтиятан хьаькамаша а, дешаран министараллин маьхькIамхоша а билгалдаккхарца, керлачу шарахь ишколашкахь юкъадаккха тарлуш ду керла дарж - бусалбан динехь бераш кхетош-кхиоран директоран гIовс. Гарехь, иза жоьпалле а вина, цунна тIедуьллур долуш ду, хьехархошка а, дешархошка а дино ма- хьоьхху духар леладайтар а, иманехь уьш совбахар а.

Оьрсийчоьнан низамаца мел догIуш дацахь а, и керла дарж юкъадоккхур дац ала хала ду. Стенна аьлча, федералан низамца бIоста а нислуш, кхузахь дукха масалш ду дахаре дерзийна. КIорге а ца кхевдаш аьлча, масала, лакхахь хьехийначу муфтиятан белхой: молланаш а, имамаш а бу, ишколашкахь дIа а язбина, алапаш оьцуш. ДIаязбина бу цIано еш болу белхалой санна, хехой санна а, ур-аттал, берашна хелхарш Iамо балетмейстарш санна а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG