ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисар президентан харжамашна кечлуш ю


Мисарехь хир болчу президентан харжамийн кандидат волчу, Мубарак Хьоснин хенахь премьер-министр хиллачу Ахьмад Шафика дIахьедар дина, шеца президентан дарж къовсур долчу исламистийн векало Мурси Мохьамеда пачхьалкх «сингаттамечу хенашка» юьгур ю, аьлла.

Оцу юкъанна, КъахIирехь а, кхечу гIаланашкахь а митингаш ю дIахьуш, экс-презединетана Мубаракна а, цуьнан гона а тIехь йинчу кхелана реза ца хилар гойтуш. Велла дIаваллалц, набахтехь яккха хан тоьхна цунна. Ткъа дукхах болу мисархой, цунна вен кхел йогIу аьлла хеташ бу.
XS
SM
MD
LG