ТIекхочийла долу линкаш

Китайхь визит дIахьош ву Путин Владимир


Оршот дийнахь Узбекистанера визит чекх а яьккхина, Китай вахана оьрсийн президент.
Шемахь хIинца а чолхе лаьтта хьал а, кIажабухе кхаьчна долу, ГIажарийчоьнан заррат программица доьзна дагадовларш а хир долуш ду кхаа дийнахь яхлур йолчу цу визитехь.
Цул сов, экономикан цхьанаболх а, энергентикехь болу берташ а бу бийцаре бийр бу аьлла.
Путин цига вахале, Iедало урхалла деш йолчу Газпром компанино дагадовларш дIадаьхьна, Оьрсийчура Китай энерги йигарна хьокъехь.
Пекинехь Путин цхьанакхета тарло гIажарийн президентнца Ахьмадинежад Махьмудца.
Азера визит ерзош иза Казахстане гIур ву карарчу беттан 7-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG