ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн президентца цхьанакхеташ ю Клинтон ХIиллари


Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари Батумехь цхьанакхеташ ю гуьржийн президентца Саакашвили Михаилца. Iаьржачу хIурдаца Iуьллучу Батуми шинарин сарахь кхаьчна Клинтон. Къилб Кавказерчу пачхьалкхашка леррина визит еш ю иза, Iамеркан накъосташца уллера кхерамазаллин уьйраш таса Iалашонца.

Маьхкадаьтта долчу Азербайджане кхаарин дийнахь йоьдуш ю Клинтон. Еарин дийнахь иза Туркойчу яха дагахь ю.

Оршот дийнахь Эрмалойчоьнан коьрта гIалахь Ереванехь йистхьулуш Клинтона билгалдаьккхира, Эрмалойчоьнна а, Азербайджанна а юкъахь Ломан Карабахна тIехула долчу девнехула йолу юкъаметтигш кхин а чолхе йовлахь, и дов кхин а шорлур ду, аьлла.
Шина агIонан юкъаметтигаш ира лаьтташ ю, цунна болу бехк вовшашна тIе а буьллуш.
XS
SM
MD
LG