ТIекхочийла долу линкаш

Мубаракана йинчу кхелана реза бац мисархой


Мисара - Мубаракана дуьхьала волу жимастаг ву, кхел кхайкхочу дийнахь Мисаран президент лаьттинчу Мубаракан сурт лаьцна, 2Ман2012

Мисара - Мубаракана дуьхьала волу жимастаг ву, кхел кхайкхочу дийнахь Мисаран президент лаьттинчу Мубаракан сурт лаьцна, 2Ман2012

Мангал беттан 2-чу дийнахь Мисар мехкан кхело велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна мехкан президент хиллачу Мубарак Хьоснина а, цуьнан Iедалехь белхан министр лаьттинчу АлIадли Хьабибана а.

Даханчу оршот дийнахь Мисар мехкан коьрта гIалахь КъахIирахь кхел кхайкхийра хьалхалерчу Мисаран президентана Мубарак Хьоснина а, цуьнан муьрехь хилла волу чуьрчу белхан министрна АлIадли Хьабибана а. Царшинна хенаш тоьхна гуттаренна набахти чу волла аьлла, Чиллан баттахь 2011-гIа шарахь Мисарара бахархоша гIаттам бича, 800 сов вахархо вийна куьгбехке ву аьлла и шиъ.

Мубаркан шина кIантана Джамалана а, Iалаъан а коррупци ю аьлла кхеле делла дов къобал ца дира суьдо, и дов делла хан яьлла дела. Ткъа и шиъ чу ца вуллуш бехказа ваьккхина дIахийци Iедало. Вуьшта кхеле хIоьттина хилла, арарчу белхан министаран гIоьнчий бехказа бехи кхело. Суьдхочо РифIат Ахьмада иштта кхайкхийра ша йина кхел:

РифIат Ахьмад:
"Суьдо куьгбехке берш кийча болуш хIара кхел ю:
Хьалхарниг, Мухьаммад Хьосни Алсайд Мубаркаан хан туху валлац набахти чу волла - нах байарна а, нах байъа кхечарца барте вахарна а куьгбехке волун дела.

ШолгIаниг: Хьабиб ИбрахIим Хьабиб АлIадлина хан туху валлалц набахти чу волла - нах байарна а, нах байъа кхечарца берте вахарна а куьгбехке волун дела.

КхоалгIаниг: Iалаъ Мухьаммад Хьосни Алсайд Мубаракан а, Джамал Мухьаммад Хьосни Алсайд Мубаракан делла дов, коррупци лелийна аьлла, кхаьънаш оьцуш кхаьънаш луш харц гIуллакхаш дарна кхел ца йо, кхел ен хан чекхъялар бахьнехь".

Иза Мубаракан ши кIант бехке вац бохург дац, царшинна кхел ца яр. Цхьа хан дIаялале кхел ян езаш хилла низамехь, ткъа и хан дIаяьлла.

Цу кхелана реза боцуш, гIаттамехь гергарнаш белларш кхелан цIийна хьалха гулбеллера, Мубарак ирхъолла бохуш, кхайкхамаш беш. Цу бахьанехь 5 эзар полисхо а, 10 эзар эскархо а вара Iедало хIоттийна кхелан цIийна а, коьрта кхелахочуьнан РифIат Ахьмадан хIусамана а ха деш.
Мубарак Хьосни кхеле валош вара 2011 шеран марсхьокху баттахь дуьйна. Цуьнан довлелорхоша а, адвокаташ и кхел емалъйийр йолуш ю, кхин лекхарчу кхеле делла и дов, Мубарак бехказа ваккхийта Iалашонца.
XS
SM
MD
LG