ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

17 дипломат «персона нон грата» кхайкхийна Шема пачхьалкхо


Царна юкъахь дукхах берш Iамеркан а, Европин а дипломаташ бу. Арахьарчу гIуллакхийн министро шинарин дийнахь дина дIахьедар, цхьа моггIа Малхбузерчу пачхьалкхаша Шеман дипломаташ арабаьхначул тIаьхьа дина ду – Шемарчу ХIоула-гIалахь цхьа бIе бархI стаг вуьйш, хIума эккхарца доьзна.

Шемано шена хийра лерина векалаллийн куьйгалхой - Iамеркера, Британера, Францера, Туркойчура а бу. Цул сов, Канадин а, Италин а, Испанин а, Белгин а, Болгарин а, Германин а векалаллийн белхахой а бу.

Малхбузера мел волу дипломат аьлча санна, цу пачхьалкхаша шайн цIавехнера, Шеман президентан Асад Башаран режимна дуьхьала йолчу оппозицина тIехь ницкъ барна.
XS
SM
MD
LG