ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь оьрсийн мотт чIагIбарна дуьхьала ю оппозици


Шайн махкахь оьрсийн меттан позици чIагIъечу проектана дуьхьала хенаца билгалъяьккхина йоцу акци кхайкхийна Украинерчу оппозицино. Януковичан Регионийн партино кховдийна документ тахана шен хьалхарчу дешарехь къобалдина Украинин Лакхарчу Радо.

Цхьайолчу кIошташкахь украинин маттаца цхьаьна официала статус лучу оцу низаман проектана дуьхьала болчу эзарнаш нехан тасадаларш хилла меттигерчу полицица.

Цул сов, низамо бакъо ло оьрсийн мотт кхелашкахь, дарбан хIусамашкахь, кхечу маьIнечу хьукхматашкахь а лелон.
XS
SM
MD
LG