ТIекхочийла долу линкаш

Шанхайн Цхьанабелхан Организацин декъашхойн саммитан жамIаш


Шанхай Цхьанаболх баран Организацин декъашхой-пачхьалкхийн куьйгалхой цхьанакхеттера тахана Китайн коьрта гIалахь Пекинехь. Юккъерчу Азера кхерамазаллин хьал а, ОвхIан махкара ситуаци а, экономикехь а, гIо-накъосталлехь а цхьанаболх бар а дийцира цигахь.

Китайн куьйгалхо Ху Цзиньтао а, оьрсийн президент Путин Владимир а дуьхьала ву Шема пачхьалкхана чу арахьара эскарш дахарна а, Гiажарийчоьнна дуьхьала цхьа а керла санкцеш кхайкхорна а. Саммит дIаерзош цхьаний динчу дхьедарехь оьсрийн а, китайн а куьйгалхой дуьхьала бу Шемана дуьхьала малхбузерчу пачхьалкхаша дIахьучу «режимаш хийцаран политикина».

Шанхайн Цхьанабелхан Организаци 2001-чу шарахь кхоьллина. ГIиргIизойчоь, Казахстан, Китай, Таджикистан, Оьрсийчоь а ю цуьнан декъашхой. Кхин а цхьа моггIа пачхьалкхаш – ОвхIан-пачхьалкх, Инди, ГIажарийчоь, Монголи, Пакистан а хьеший а, тIехьовсархой а санна дакъа лоцуш ю цу саммитан балхахь.
XS
SM
MD
LG