ТIекхочийла долу линкаш

Транспаьренси интернешнл вовшатохараллин керла рапорт


Коррупцина дуьхьала йолчу Транспаьренси Интернешнл Вовшахтохаралло дIахьедар дина, бизнесшна а, Iедалшна а юкъахь гергара уьйраш хиларо Европехь аьтто баьккхина коррупци яржон а, европан экономикин бух малбан а, аьлла.

Кхаарин дийнахь арахецначу рапорто бахарехь политикан партеша, бизнессша, махкахойн гIуллакхаш дечу Iедалан хьукхматаша а вуно вуон жамIаш гайтина кхаьънаш эцарца къийсарехь. Оццу хенахь, хьесапдархоша а, омбудсменаш а, харжамийн комиссеша а шайн аьтто ма-боллу дика жамIаш гойту.
Иштта, рапорто билгалдаьккхина, тIех дукха Iедалша лелориг тоъал хууш дац юкъараллина.
Т
ранспаьренси Интернешнло кхайкхам бина низамашдархошка, Европера хьал мелла а цIандан Iалашонца гIортор ян. Iедалх йозуш йоцчу цу организацино бахарехь цара таллам бинчу 25 пачхьалкхах 19 хIинца а къастийна дац, бизнесо политикина ахча даларца доьзна гIуллакх. Итт пачхьалкхехь бен дихкина дац, цIе ца йовзийтинчу нахера политикашка харжамийн кампанешна ахчанаш эцийтар.
XS
SM
MD
LG