ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьно Дуьненаюкъара Атоман Энергин Агенталла бехке йина гена кхийдарна


ГIажарийчоьно Дуьненаюкъара Атоман Энергин Агенталла бехке йина, цуьнан лелар, «къайлахчу сервисчух тера ду» аьлла. «ТехIранна тIеIаткъам бо цо, заррат программа тIеман Iалашонца мел йоьзна ю бохуш, шайн тидамехь хила дезаш доцу а цхьана хаттар луш, аьлла.

Цу агенталлехь гIажарийн векал волчу Солтание Iели АсгIара элира Венехь вистхуьлуш, «политикан Iалашонаш йолчу» малхбузера ницкъ болчу пахьалкхаша Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин заррат агенталла, гIажарийн заррат программа талларна меттана, хIинца цуьнан тIеман жигаралла а талларна тIеерзийна, аьлла.

Амма, оха тхайн кхерамазаллин бух малбойтур бац элира, Солтанейс.
Пiераскан дийнахь Дуьненаюкъара Атоман Энергин Агенталла а, Гiажарийчоь а цхьанакхетар ю, тIейогIучу хенахь дан дезарг билгалдаккха.
XS
SM
MD
LG