ТIекхочийла долу линкаш

Мел лаххара 86 стаг вийна Шемара ХIама провинцехь


Шемарчу оппозицино бечу хаамца, мел лаххара 86 стаг вийна Iедалан ницкъаша ХIама провинцехь. Жигархойн хьесапехь 20 сов бер а, 20 сов зда а ю Кхубайр а, Маарзаф а эвланашкахь байинчарна юкъахь.

Официала телевизионехула дIахьедар динчу Шеман Iедало аьлла «исс стаг а вуьйш, ХIама кIоштахь террораха ирча зулам дина».
Меттигера ГIуллакхаш дIакхехьаран Комитето бахарехь мел лаххара а 78 стаг велла еккъа цхьа Ал-Кхубайрехь. Къайлахчу Сервисан караяхнера и эвла, амма дукхах болу нах байанарш полисхой бу, боху Шемарчу жигархоша.

Цигарчу хаамаша чIагIдарехь, дукхах болу нах уллера герз тоьхна я тIехьашхула герз детташ байина бу.
ХIара керла зуламаш дина ХIомс провинцерчу ХIула гIалахь 108 стаг вийна ши кIира а далале.

Тешаша Iедалш бехке до цу зуламна, ткъа Iедаша – арахьара ницкъаш чубалон Iалашо йолчу герз карарчу наха дина бохуш чIагIдо.
XS
SM
MD
LG