ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъарчу Атоман Энергин Агенталлин а, ГIажарийчоьн а дагадовларш хилла Венехь


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин зарратана тIехьожу урхалла ГIажарийчоьнца цхьанакхийтира тахана Венехь, ТехIрано къайлаха атоман бомбина тIехь болх бан тарлучу меттигашка шайн инспекторш кхачийта Iаткъам бан.

Дуьненаюкъарчу Атоман Энергин Агенталло бахарехь, агенталло еххачу хенахь гIажарийн заррат жигаралла талар карладаккхаран маьIна долуш ду Венера дагадовларш. Делахь а, малхбузера дипломаташ шек бу Гiажарийчоь шен тIеман объекташка хийра нах бита реза хиларх.

Оцу юкъанна, ГIажарийчоь юх-юха а шен заррат программин машаре Iалашо ю бохучунна тIехь лаьтта.

Тахана Пекинехь шен гIажарийн президентаца хиллачц цхьанакхетарехь Китайн президента Дзиньтао Хус аьлла Ахьмадинежаде, «кIеда а, хьекъале а» хила хьайн заррат программа юьйцучу хенахь. Китай а, Оьрсийчоь а дуьхьала яьлла ю тIахьарчу хенахь, заррат программа бахьанехь, малхбузенеое ГIажарийчоьнна дуьхьала керла санкцеш ца йохуьйтуш. Амма билгалдоккху, гIажарийн заррат программа машаре хила еза бохург.
XS
SM
MD
LG