ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьара ницкъаш Шемана чугIортарна дуьхьала ю Москох


Оьрсийчоьнан арахьарчу ГIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дина, Москох саготта ю Шемахь долу дов гена долуш хиларна, делахь а, арахьара ницкъаш чугIортарна дуьхьала ю, аьлла.

Тахана Москох вовшахтоьхна хиллачу зорбан-конференцехь вистхуьлуш цо билгалдаьккхира, Шеман президент Асад Башар шен даржера дIавалар къобалдийр ду, нагахь и сацам шеман къомера хилахь, аьлла.

Цул сов, цо тIетуьйхира, арахьарчу пачхьалкхаша тIелатар дахь а, Димашкъе хIаваэрчу тохаршна дуьхьалонан гIирсаш кхачорца боьзна берташ а чекхбохуш ю Москох. Кхин герзаш цу пачхьалкха хьур долуш дац, аьлла.
Оцу юкъанна, Шемарчу жигархоша бечу хаамца, шеман эскарша Дераа гIала гоне а льацна вийна, мел лаххара а 15 стаг.
XS
SM
MD
LG