ТIекхочийла долу линкаш

Мединский Владимир - Ленинан дакъа музей чуьра арадаккха деза


Оьрсийчоьнна керлачу министрна Мединский Владимирна хетарехь, коммунистийн лидеран Ленин Владимиран дакъа музей чу ара а даьккхина, сий-ларамца лаьттах долла дезаш ду. И аьлла дIахьедар дина цо «Эхо Москвы» радиона. Иза шена хетарг ду элира министро.

Хьалхалера оьрсийн културин министр Авдеев Александр тешна вара, юкъараллехь цу хаттарехь барт хиллалц, Ленин дIаволла хьалхе ду бохучух.
XS
SM
MD
LG