ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн студент лехамашка ваьккхина Москохан Талламан Комитето


Москохарчу Талламан Комитето бехк-такхаман гIуллакх долийна «Европейский» олучу йохка-эцаран центрна уллехь «Спартак» тобанехьа волчу жимчу стагана тIелатар дарна шеко йоьжна нах лаца яхана хиллачу полицина дуьхьала йинчу студенташна дуьхьала.

Усачевна урс тохарна лаьцначу Ризванов Бекханца цхьана, Маймонидан цIарахчу академин юкъара Iойлехь вехаш хилла Эльдиев Мохьмад лаца яхана хилла полици. «Къилбседа Кавказера буьрсачу кегий наха аратиттина полисхой. Цул тIаьхьа буй-тIарий дина. ОМОНан веа векална кортошна а, дегIана а чевнаш йина», боху официала хаамаша. Делахь а, студенташ-кавказхой полицин декъе дIабигабелла.

Талламхоша чIагIдарехь, чов йо тапча а, урс а лелош, Европейский центрана уллехь хиллачу тасадаларехь, Ризвановс урс тоьхна Усачевна. Амма, Ризвановга иза вен ца велла, цунна вукхуьнан доттагIчо чов йо тапча тохар бахьанехь. 29 шо долу Усачев Алексей а, 27 шо долу Павлов а, ша Ризванов Бекхан а дарбан хIусамашкахь ву.

Нохчийчура арахьа бехачу кегий нахана шайн Iедалера кхин гIо-накъосталла хир дац аьлла дIахьедар дина оцу хьокъехь Кадыров Рамзана. Уьш, цунна гергахь, мокъалла нислуш бу цу кепарчу Iотта-баккхамана юкъа. Амма шайн гIо стенна тIехь хилара – билгал ца даьккхира Кадыровс.
XS
SM
MD
LG