ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъаралло къобал дина Испанин банкийн системина гIортор яр


Европан куьйгалло а, дуьненаюкъаралло а къобал а бина тIеэцна, чолхечу хьолехь нисъеллачу Испанин банкийн системина гIортор ян тIелаьцна сацам.

Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондо а, нуьцкъалчу ВорхI Пачхьалкхан Тобано а а къобалдина, экономикан кризис шоръяларна дуьхьало ян гулч яккха Iалашонца 100 миллиард евро ахча билгалдаккхар.

Испанино официала кепара дехар дийр ду Европан Барте ахчанца гIо де аьлла, - дIахьедар дина Испанин экономикин министро Гиндос Луиса. Оцу дехаран формалан кеп ю, стохка банкийн декъехь дечу гIоьнна хьашт йолу гIулч ю иза.
XS
SM
MD
LG