ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламентан харжамийн хьалхара мур бу тахана Францехь


Парламентан харжаминй хьалхара мур бу тахана Францехь дIахьуш. Динчу хеттарийн хьесапехь, кхечу аьрро агIоран партешца цхьана, керлачу президента Олланд Франсуас урхалла дечу «Социалистийн партина» алссам кхаьжнаш кхача тарло Къоман Ассамблей чекхйовла.

Парламентан лахарчу хIусаме кхача къовсавелла 6 эзар ах эзар сов кандидат.
Харжамаш буьйлабалале шен махкахошка вистхуьлуш, Олланда кхайкхам бира цаьрга кхаьжнийн каппашка дуьйла. Парламентехь дикка чIагIвелчий бен, шен аьтто хир бац ша делла дош кхочушдан, аьлла.

Экспертийн тидам иштта тIебоьгIна бу, гуттар аьтто агIора йолчу Къоман фронтан кандидатшна тосур болчу кхаьжнашна. Церан лидерна Ле Пен Марина дукха хан йоццуш чекхбевллачу Францин президентан харжамашкахь 18 процент кхаьжнаш кхаьчнера.
XS
SM
MD
LG