ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушалла телхина набахтехь волчу Мисаран президент хиллачу Мубарак Хьоснин


Мисар пачхьалкхан президент хиллачу Мубарак Хьоснин могушалла чолхе йолуш ю. Кхерамазаллин ницкъаша бечу хаамца, юкъ-кара кхетамчуьра волу иза.

Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна волу Мубарак, КъахIирерчу набахтера набахтин дарбан цIийне дехьаваьккхина ву.

Ши де ду Мубаракан 200 гергга агIончаша иза тIмена дарбан цIийне я доларчу дарбан цIийне дехьаваккха бохуш, дехарш ден.
ХIокху беттан 2-чу дийнахь кхело шен сацам бовзийтичхьана дуьйна цIеххьана чIагIвелла Мубарак.
Кхело иза бехке лерина 2011-чу шеран Iай, Мисаран Iедалшна дуьхьала хиллачу митингашкахь лаьтташ хилла бIеннаш нах байарна.
XS
SM
MD
LG