ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баксанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь 3 тIемало вийна


ГIебарта-Балкхаройчура Баксанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь тIемало вийна. И аьлла дIахьедар дина террорана дуьхьало ечу Къоман комитетехь. Цхьана нехан доларчу хIусамехь дIалечкъина хилла иза. Iедалийн каравола аьлча, цо герз тоьхна боху.

Оццу кIоштехь цул а хьалха полисхошца хиллачу тIеман тасадалрехь вийна кхин а ши тIемало. Чевнаш хилла бакъонийн органийн 4 векална а.
Яханчу буса Баксанехь ФСБен майоран машен эккхийтинчул тIаьхьа йолийна яра леррина тIеман операци. Еза чевнаш хилла эпсар дарбан хIусамехь дIаваьлла.
XS
SM
MD
LG