ТIекхочийла долу линкаш

ГΙажарехь тΙематасадалар хилла



Оршоьтан дийнахь ГΙалгΙайчуьрчу ГΙажаренна уллерчу хьаннашкахь талламаш дΙахьош, Ιедалан ницкъаш тΙенисбелла шайна гΙаттамхоша йинчу кΙелонна. Террорна дуьхьалояран комитето бечу хаамца, цигахь иккхинчу тΙематасадаларехь вийна ши гΙаттамхо. Оцу меттехь карийна маситта маса топ а, тапча а, оьккху коьчал а. Кху деношкахь и тайпа тΙематасадаларш кхузза хилла ГΙалгΙайчохь. Шоьтан дийнахь хилла полицин пхи белхахо а лазош эккхийтар а.
XS
SM
MD
LG