ТIекхочийла долу линкаш

Протесташна дуьхьал - ницкъ



Путин Владимир президент хаьржинчул тΙаьхьа хилла а боцчу барамехь боккха оппозицин гулам хΙуттуш бу Москохахь.

Гулам хила де дуьсуш Навальный Алексейн а, Яшин Ильян а, Собчак Ксениян а, Удальцов Сергейн а оппозицин лидерийн цΙенойх хьаьжна полици а, Талламан комитет а. Церан хΙусамашкара дΙаяьхьна компьютерш, духьалонан йозанаш, ахча.
Гулам дΙаболабала ши сахьт дуьсучу ханна талламчашна тΙекхайкхина бу дΙаболалучу гуламан дукхахболу лидерш. Уьш массо а, низам кхочушдеш, бахана шайца ледарш дΙахьош болчу талламчашна тΙе.

Полицин а, талламчийн а цΙийнаххьовсарш дуьйладелла пачхьалкхехь гуламашхошна туху гΙуда бΙозза совдоккху низам Путин Владимира тΙечΙагΙдинчул тΙаьхьа.

Оппозицина тΙеΙаткъамаш баро гΙайгΙане яьхна Ιаьмиркан Цхьаьнатоьхна Штаташ, аьлла, дΙахьедина Вашингтоно. «Адамийн дешан бакъо а, гуламашка дийла йолу бакъо къепе хΙотточу ницкъашца хьешаро хеттарш кхуллу», - аьлла ду Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара Нуланд Викторияс дина дΙахьедар.

Оппозицин политика Митрохин Сергейс лелачу хиламийн мах хадош, Путина, политикан реформаш йолаечу меттана, репрессеш тΙехь чекхвала лерина ву, элира прессехь.

«Керлачу низамна бухадиллинарг чекхдер дац – халкъ кхерийна чохь-цΙахь сацалур дац цуьнга», - чΙагΙдира Удальцов Сергейс а.
XS
SM
MD
LG