ТIекхочийла долу линкаш

Путинна дуьхьалбевллачийн гулам



Иттаннаш эзарнаш арабевлира Москох гуламе Путин Владимир Ιедалехь шайна товш вацар кхайкхон. Дакъалаьцначу нехан терахь 18 эзар ду, боху полицино, ткъа йозушйоцчу хьостанаша – 100 эзар. И тΙаьххьара терахь далийра хаамийн агенталлашкахула Оьрсийчохь адамийн бакъонийн терго ечу Лукин Владимира.
Гуламо къобалйина Путин даржах вохор, пачхьалкхехь президентан а, парламентан а харжамаш дΙабахьа керла низам юкъадалор, Пачхьалкхан Дума дΙасахецар тΙедожош йолу резолюци. Оппозицин массех лидер ца хилла гуламехь – уьш прокурораша тΙекхайкхина бара бахначу Стигалкъекъа-беттан 6-чохь хиллачу гуламехь полицех латарна бехке бечу нахах тоьшаллаш дайта.
XS
SM
MD
LG