ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашца а къиза ву Башар Асад



Шемин президент Башар Асад а, цуьнан Ιедал а бераш хΙаллакдечу, шайна пайденна тΙемашна юкъа уьш ийзочу Ιедалийн могΙара даьккхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. ХΙинца араяьллачу рапорта тΙехь боху, Шемахь исс шо долу бераш а тΙехь ду дойъуш, лоьцуш, хьийзош.

Рапорт кечйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин тергамхойн а, эскаршкахь гΙуллакх а дина, юьстахбевллачу шемахойн а тоьшаллаш тΙехь. Цара дийцарехь, Асадан танканаш, тΙе бераш а ховшадой, юьйлу оппозицин ницкъашна дуьхьал. Рапорто довзуьйту, лецна бераш ледеш, царна ток етташ а, догΙмаш тΙехь сигаьркаш йойъуш а долу тоьшаллаш. Иштта бехке йо оппозици а, цо тΙемаш боьлхуш мала хи кхехьа а, молханаш тΙедан а бераш хьийсош хиларна.
XS
SM
MD
LG