ТIекхочийла долу линкаш

50 тΙалиб вийна



ОвхΙанистанерчу полицин хьостанаша чΙагΙдарехь, 50 тΙалиб вийна оршот дийнахь пачхьалкхан маьΙ-маьΙехь хиллачу тΙематасадаларшкахь. Ιедалан ницкъаша а, НАТО-н эскарша а маситта меттехь цхьаьна дΙаяьхьна «Дегайовхо» цΙе тиллина операци. Байъинчех 30 тΙалиб ву БагΙлан, Лагор, ГΙазни, Кандагар, Забул къошташкара. 20 вийна Гильменд кIоштахь 8 сохьтехь бинчу тΙамехь. Полицин могΙаршкара велла, Ιедало хаам барехь, ши полисхо.
XS
SM
MD
LG