ТIекхочийла долу линкаш

Хьенан герзо хΙаллакбо шемахой?



Вашингтон Шемахь Ιедална дуьхьал лаьттачу гΙаттамхошна гΙо деш ю, аьлла, бехке йина Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс. И дΙахьедар цо дина кхаарий дийнахь ТехΙеранехь, цигарчу Ιедалшца дийцарш ша дΙахьош. Ткъа шинарий дийнахь Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Оьрсийчоь а йира бехке, цо Башар Асадна герзаш, масала, беракеманаш, латтош хиларо марсайоккху Шемахь лела къизалла, аьлла. Цхьаькхеттачу Къаьмнийн Организацин машарбаран тобан хьалханчас Ладсу Эрвес шинарий дийнахь дΙахьедира, Шемахь чоьхьара тΙом а бу боьдуш, Ιедалан ницкъаш гΙаттамхоша дΙаьлецна къошташ ницкъаша мукъаяха а гΙерта, аьлла. Ιедал террорца къуьйсуш ду, цунах тΙом олийла дац, жоп делла Шемин арахьарчу министралло.
XS
SM
MD
LG