ТIекхочийла долу линкаш

БагΙдадехь юха а лелхийтина нах



БагΙдадехь а, гонахарчу маситта гΙалахь а 60 стаг вийна, 200 сов лазийна кхаарий дийнахь динчу лелхийтаршкахь а, герзаш деттаршкахь а. Лаххара а 4 бомба иккхина шиΙаташа зераташ дечу меттигашкахь. Ши бомба эккхийтина Хилла-гΙалахь а. Зуламийн дай бевзаш бац. Ткъа хьалхо хилла и тайпа лелхийтарш шайна тΙеэцнарг яра доккхачу декъана суннатхойх лаьтта Ал-Кхайда.
XS
SM
MD
LG