ТIекхочийла долу линкаш

Варшавехь летта футболан фанаташ



Польшерчу Ιедалша хаам бина, шинарин буса, Варшавехь дΙайоьдучу футболан Евро-2012 чемпионатехь оьрсийнний, полшахойнний футболхой ловза буьйлабалале а, левзина бевлча а вовшахлеттачу оьрсийнний, полшахойнний фанатех 184 стаг лаьцна полицино, аьлла. Хьеший а, бухарнаш а летар бахьана долуш юьстахара баьхкинчу чемпионатан хьовсархойх, полисхойх а лазийна 20 сов стаг. Лецначийн бехкаш луьстуш ю Варшавера полици. Хитуху гΙирс а, бΙаьргех хи доккху газ а, резаьнкин даьндаргех дуьйлина герз а юкъадаккха дезна Ιедалхойн, жамΙ 1:1 долуш футбол йирзича, иккхина шолгΙа латарш дохош.
XS
SM
MD
LG