ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен баьлла бΙаьрг а ца гуш...



Оьрсийчоьнан футболан федерацино хастийра еарий дийнахь оьрсийн футболъезархой, уьш низаме а бу, шайн мехкан футболах дог лозуш а бу , аьлла. Амма цо тидаме ца оьцу дахначу кΙиранах шен фанаташа Оьрсийнний, Чехийнний футболах ловзар доьдуш а лаьтташ стадионехь харцхьа леларна, къаьмнашна юкъа цим тосу маьхьарий хьекхарна Оьрсийчоьнна УЕФА-но 150 эзар долларна гΙуда тоьхна хилар. Шозза доккха дов а даьккхина летта оьрсий Варшавехь ловзарш дΙадоьлхуш а. Оьрсийчоьнний, Грецийнний футболхой ловзуш шоьтан дийнахь Варшаверчу стадионе кхочур болуш бу 20 эзар гергга оьрсийн футболъезархой.
XS
SM
MD
LG