ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна ен кхел йоьрзуш ю



ГΙалгΙайчуьрчу Карабулакехь меттигерчу полисхоша Гулиев Назиррий, Нальгиев Илессий бухахь мухΙажир ваьлла вехачу нохчочунна Читигов Зелимхина гΙелояр луьстуш йолу Карабулакера кхел яьлла тешаш лебина. ХΙетахь шина ницкъахочо, бехк а боцуш лаьцна, полицехь баттахь етташ кхаьбна Читигов. Ша и жимстаг вац кхеле лелаш – шена гергахь ваха кхераме хиларна Европе дΙавахна къайлаваьлла иза. Ткъа иза воцург, кхин виъ гΙалгΙайн жимха а вара Гулиевгарий, Нальгиевгарий къизалла лайна лоруш, кхелехь тоьшалла деш. Суьдхойн сацаме сатуьйсу Читигов Зелимха а, гΙело лайна кхиберш а хилла боцуш, дов тидамехь латтадечу бакъоларъярхоша а, политикаша а.
XS
SM
MD
LG