ТIекхочийла долу линкаш

Шемара дΙабахана бартбархой



Шемара хьал тергонехь кхобучу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Оьрганизацин тобано шен болх юкъахбаьккхина цигахь тΙеман хьелаш марсадаларца доьзна. Тобан хьалханчас инарла-майора Мууд Роберта шоьтан дийнан дΙахьедарехь боху, шаьш ханна сацабо шайн болх, шайна иза кхераме хиларна. Ши бутт хьалха дуьнанюкъархочо Аннан Кофис дΙакховдийна машаран барт бохабо шина а агΙоно – Ιедалан ницкъаша а, герзаш карахь цунах летачу гΙаттамхоша а, бохуш бу юкъалелачу тобан хьалханчин латкъам.
XS
SM
MD
LG