ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс ши кΙант вер ду дуьйцуш



Кадыров Рамзана лаккхара майралла гайтина рогΙехь, бохуш бу Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а Ιедалан хьостанийн хаамаш. ПΙераскан буса, ша вен бохкура аьлла, иттаннаша Ιедалан герзахоша, шайца дакъа а лоцуш мехкан администратор а волуш, вийна 26 шераш долу ши къонаха – СемаьΙашкара Кусуев Сайхан а, Алихаджиев Альберт а. Мехкан полицин министран гΙвса Алаудинов Аптис дΙахьедина, и ши кΙант Кавказ Имаратан баьччас Умаров Доккас Кадыров вен хьажийна вара аьлла.
Цо дийцарехь, Ιедалан агΙанан аьтто баьлла хьалхо хьаннашкахь гΙаттамхой шура дΙахьош Умаровс оцу шинна Кадыров вен тΙедожинийла. Оцу шурахь цхьаъ Соьлж-ГΙалин амир хΙоттийнера, важа Шуьйтахь амиралла лелош вара. Кадыровн агΙоно хаам бо, Шурано ши шахΙид Кадыров вен хьажинийла, гΙаттамхошна юкъаваьккхинчу агенто теллина, бохуш. Вийна шиъ бехке во Ιедалша Шуьйтарчу полицин талламан декъан куьйгалхо верна а, СемаΙашкара полицин куьйгалхо верна а.
XS
SM
MD
LG