ТIекхочийла долу линкаш

Фашистна къаьмнийн кхоллам тешийна Медведевс



Премьер-министран Медведев Дмитрийн гонехь цуьнан гΙовсан Рогозин Дмитрийн гΙоьнча хΙоттийна Босых Александр. Къаьмнашна юкъахь бартлатторан комиссин коьртехь хир ву иза. Босых Александра шен интернетерчу блогехь яздина ду хΙара дешнаш: «Гитлер дика масал ду. Массо а агΙор. Пачхьалкх айина, цунна Ιалашонаш къастийна, эскарш кхиийна, дуьненна Ιаламат боккха тΙеΙаткъам бина. Уггаре диканиг – жуьгтий охьатаΙийна». Ткъа ши шо хьалха, Гитлер винчу дийнахь, «ас декъалво массо а Дезчу денца!», аьлла дара цуьнан блога тΙехь цо дитина йоза.
XS
SM
MD
LG