ТIекхочийла долу линкаш

4 миллион кхаъ оьцуш лаьцна иза



Хьуьнан бахаман департаментан куьйгалхочун хьалхара гΙовс лаьцна Ιедалша Краснодаран махкахь 4 миллион сом кхаъ оьцуш. Цхьана совдегарна хьун йохка бакъо луш и мах баккха гΙоьртинчу цуьнан цΙе йовзуьйтуш яц цкъачунна. Иттех де хьалха 1,5 миллион сом оьцуш лецира махкахь жил-Ιалам лардаран куьйгалхо Соколинская Елена. Ишшта кхаъ оьцуш лецира бутт хьалха Урюпинскан къоштан прокурор Козорез Сергей а.
XS
SM
MD
LG