ТIекхочийла долу линкаш

Депутато шайна йиттина аьлла, суьде бевлла полисхой


Оьрсийчоьнан Талламан комитето дехар дина Пачхьалкхан Думе Коммунистийн партин цIарах депутат волчу Бессонов Владимирна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадаьлла бакъо ло шайна аьлла. Цу комитетан официалан векал волчу Маркин Владимира дийцарехь, Ростох талламан органашка латкъам бина полисхоша, цу политико, духьалонан акци дIахьуш, шайна йиттина аьлла.

Бехктакхаман гIуллакх схьадаьллале бинчу талламца а догIуш, Бессоновс стохка ГIура-баттахь Ростох вовшахтоьхна хилла Iедалша бакъо елла йоцу дуьхьалонан митинг.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой хилла и митинг дIасалалла аьлла, цига хьовсийна. Цара чIагIдарехь, депутато духьало йина ца Iаш, цаьрна йиттина, тIера полицин барзакъ а этIош.
XS
SM
MD
LG