ТIекхочийла долу линкаш

Мисаран керлачу президентан цIе йоккхур ю еарин дийнахь.



ХIара бут чекхболуш керла хаьржинчу президенте Iедал дIалур ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Мисарахь урхалла дечу цу мехкан ТIеман кхеташоно. Зорбанан гIирсаш дийцарехь, цуьнах лаьцна дIахьедар дина цу кхеташонан декъашхочо инарло Аль-Ассар Мохьаммада.

Цо дийцарехь, Iедал дIадалар хир ду лерринчу церемонехь. Амма инарло ца элира билггала иза маца хир ду аьлла. Мисар-пачхьалкхехь хиллачу президентан харжамашкахь толам баьккхинчу кандидатан цIе кхайкхор йолуш ю тIедогIучу еарин дийнахь.

"Буслуба Вежарий» партино хIинцале а дIахьедар дина, шайн кандидато Мурси Мухьаммада Шафи Ахьмадана тIехь толам баьккхина аьлла.
XS
SM
MD
LG