ТIекхочийла долу линкаш

ШолгIа де ду Москох ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре еш йолу



ШолгIа де ду Москох ГIажарийчоьнан зарратан программина хьажийна долу дийцарш дIадоьлха. Цигахь дакъалоцуш бу Британин а, Китайн а, Францин а, Германин а, Оьрсийчоьнан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а векалш а, ткъа иштта Евробертан арахьарчу политикехула йолу лаккхара векал Эштон Кэтрин а.

ГIажарийчоьнан делегацин коьртехь ву цу мехкан Лаккхарчу къоман кхерамазаллин кхеташонан секретар Джалили СаьIид. Кху дуьнентIера таро йолу пачхьалкхаш саготта ю ГIажарийчоь зарратан герз деш хила мега бохуш. Ткъа ГIажарийчоь лууш ю, дуьхьло еш стаг а воцуш, шен энергетикехула йолу зарратан программа кхочуш ян.

Цкъачунна хIара бу аьлла барт бан аьтто ца баьлла цу дийцаршкахь дакъа лоцучу агIонийн. РогIера цу кепара цхьаьанакхетар хила мегаш ду Пекинехь.
XS
SM
MD
LG