ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вочу хьолехь ву Мисаран хилла волу президент Мубарак Хьосни



Мисаран хилла волу президент Мубарак Хьосни вочу хьолехь ву. Кхаарийн буса меттигерчу MENA олучу хаамийн агенталло хаам бира иза клиникан валар олучу хьоле воьжна аьлла. ТIаьхьо хаам кхечира Мубарак нуьцкъала содоIуьйтучу аппаратана тIе тесна аьлла.

Мубаракан могашалла телхира дукха хан йоццуш КъахIирарчу кхело иза валлалц аьлла, набахтехь вита хан тоьхначул тIаьхьа.

Шинарин дийнахь Iедалша сацам бира иза набахтера тIеман госпитале дехьаваккха.
XS
SM
MD
LG