ТIекхочийла долу линкаш

Басаевн къайле карийна ГIалгIайчохь



450 кила тротил олу молха карийна ГIалгIачурча ницкъаллин структурийн белхахошна Несар-кIоштахь. Иза леррина къайле а йина дIадиллина.

Оьрсийчурча антитерроран комитетан векалша дийцарехь, и герз тIемалоша дIадиллина хилла 2005-чу, я 2006-чу шарахь. Цара чIагIдарехь, цуьнан да хилла 2006-чу шарахь кхелхина волу Басаев Шаемил.

Амма гIалгIайн полицин белхошна хетарехь, и къайле мичахь ю хууш хилла карарчу хенахь цу республикехь болчу тIемалошна а.
XS
SM
MD
LG