ТIекхочийла долу линкаш

Урдана ведда Шемара тIеман кеманхо


Шайн махка Шема-пачхьалкхара тIеман кеманхо веана Миг 2I олучу тIеман кеман тIехь аьлла, дIахьедар дина Урдан-пачхьалкхан Iедалша.

Урданан информацин министро аль-Маатайя Самис дийцарехь, пилото политикан тховкъело ехна цу пачхьалкхехь.

Шемарчу телевизионо, лач бинехь а, бакъ бина и хаам, Iемаш хохкуш долчу цу кеманца зIе хаьдда шайн аьлла.
XS
SM
MD
LG