ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брейвик коьртаца галваьлла хилар бакъ дар доьху прокурораша



Норвегехь дIайоьдуш йолчу суьдехь Брейвик Андерс лортIехь ца хилар даре дахьара аьлла, дехар дина бехкбиллархоша. Прокуроро Холден Свейна дийцарехь, психиаторша хIиттийначу кехаташа ца тешийна бехкбиллархой, 77 стаг а вуьш, стохка Товбеца-баттахь зулам дина волу стаг ша лелош дерг хIу ду хууш ца хилла бохучух.

Делахь а, прокурорана хетарехь, цомгуш волу стаг набахте хьажочул гIоле ду, коьртана дика волу стаг дарбанцIийне хьажор.

Брейвик лортIехь ву-вац бохург билгалдаккхар коьрта хаттар ду, кху деношкахь цу процессехь дуьйцуш дерг.
XS
SM
MD
LG