ТIекхочийла долу линкаш

Кхаъ оьцуш, инарла лаьцна Оьрсийчохь



Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран тIеман-медицинин коьрта буьйранчаллан урхаллан куьйгалхочунна Сабанин Юрийна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Цу комитетан векло Маркин Владимира дийцарехь, цунна бехке дуьллуш ду ши миллион ах миллион сом барамехь кхаъ эца гIортар. Сабанин дIалецира еарин дийнахь Москох-кIоштарчу Балашиха олучу гIалахь.

Полицин белхахошна кара ца ваха инарла дIалечкъина хилла цIано ечу чохь. Сабанин Юрий кхаъ эца дагахь хилла лоьрийн гIирс бухкучу кампанин куьйгалхочуьнгара.
XS
SM
MD
LG