ТIекхочийла долу линкаш

Леш долу меттанаш Iалашдеш, дакъа лаца дагахь ю Google



Google интернет-кампанино дIахьедар дина леш долу меттанаш Iалашдеш дакъа лаца дагахь ю ша аьлла. Iилманчашца цхьана и кампани дагахь ю гучура дIадовлуш долу меттанаш лардан леррина интернет-портал кхолла.

Цуьнах пайда оьцуш болчу нехан аьтто хир бу цигахь цу меттанех лаьцна йолу материалаш йита. Google векалша дийцарехь, хIинцале а керла портал юзар Iалашонца, болх дIаболийна цара.

Карарчу хенахь дерриге дуьненчохь бу 7 эзар мотт. Говзанчаша дийцарехь, хIара бIаьшо чекхдолуш царах дийна буьсур бу ах меттанаш.
XS
SM
MD
LG