ТIекхочийла долу линкаш

17 стаг вийна тIалибаша ОвхIан-пачхьалкхехь



17 стаг вийна ОвхIанистанехь тIемалоша, Кабулана гена доцуш долчу, хьешацIанна тIелатар дар бахьана долуш. Дукхах болу байинарш бу маьрша бахархой. Царна юкъахь кхечу пачхьалкхара нах бу-бац дуьйцуш дац.

Цул сов, вийна хьешан цIанна масийтта гIаролхо а, полицин белхахо а. ТIелатар динчаьрна юкъахь вийна 3 стаг.

ТIалибаш дIалецира хьешацIа ПIераскан буса. Цу чохь хилла болу цхьаболу нах дIалийцина закъалтана. Карарчу хенахь хьешацIа маьрша даьккхина.

ТIалибаш дIахьедар дина, и тIелатар шаьш дина аьлла. Царна ца тайнарг ду, цигахь уьш реза боцу синкъерамаш хилар.
XS
SM
MD
LG