ТIекхочийла долу линкаш

Брейвик бехказа ваккхар доьху адвокаташа



Норвегерчу террористана Брейвик Андерсана тIехь йоьдучу кхелан сацам бовзуьйтур бу Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина цу процессехь гIантда йолчу Арнтцен Элизабета. ПIераскана дийнахь кхелехь бист хилира Брейвикан адвокаташ. Цара дехар дира и стаг бехказа ваккхахьара, я хан тохахь иза мелла а къезиг тохахьара аьлла.

Цул сов, адвокато Липпестад Гейро дехар дира суьдхошка, Брейвик коьртаца гал ваьлла ву алий, психиатрин дарбанцIийне а ца хьажош витахьара аьлла.

Бехкбиллархоша Еарийн дийнахь кхеле дехар динера Бревик лортIехь ца хилар даре дахьара аьлла. Брейвик Андерса тIелаьцна ша 77 стаг вийна хилар. Ша коьртана телхина вац, ткъа адамаш ша дайира Европа "мультикультуризмах" а, "исламизацех" а къелхьарf яккха бохуш, чIагIдо цо.
XS
SM
MD
LG