ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан кхеташонна юкъара яьлла Алексеева Людмила



Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна юкъара йолу ша аьлла, дIахьедар дина ХIелсинкин Москохарчу тобанан куьйгалхочо Алексеева Людмилас. Интерфакс-агенталлехь хиллачу зрбан-конференцехь цо дийцира, ша цу тайпа сацам бар доьзна ду и вовшахтохаралла кхуллуш юьхьар лаьцначу принципашна ша реза ца хилар, аьлла.

Еарин дийнахь президентан администрацино сацам бира тIеоьшуш волу цу кхеташонан 13 стаг хоржур ву, интернетехь кхаж а тосуш аьлла. Хьалха цу кхеташонан декъашхоша шаьш харжара шайна накъостий, вовшашца дага а бовлуш.

Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна юкъара дIавелира 13 стаг Путин Владимир президент харжар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG